– Шу леца баьхкина уьш!
– Оха вуьгуьйтур вац хьо!
– Арадовла цу чуьра, заддаш!
Iелас Iaca хьалалецира. Карзахбевлла нах дIатийра.
– ХIокху йуьртара тхо масех стаг новкъа ву Iедална. Цуьнан цхьа а тайпа шеко йац. Амма шаьш къайлах дагалаьцнарг тахана тешнабехкаца чекхдаьккхи цара. Иза тахана нислур дац вайга. Собар ду коьртаниг. Бакъдерг толаза дуьсур дац. Овхьад цIа веача, вовшех дага а девлла, цхьа нийса некъ къастор бу вай. Аш лелочо йуьртана бохам бийр бу. Дуьло, шайн-шайн цIа гIo.
Коьрта тIехула йоккха, тиша шаьлта а лестош, массарел а карзахваьлла хьийзара къена Янаркъа.
– Iела, тхо Iexo гIерта хьо? – мохь хьоькхура цо. – Хьо а, Овхьад а, оха йуьртан Iедале хаьржина пхи стаг а лаца ма баьхкина уьш! ХIей, СаьIад, оха дIахоуьйту хьоьга, царах цхьа стаг лаьцна вигахь, хIокху йуьртара итт цIа догург хилар!
– Янаркъа! – бIогIамах Iаса а тухуш, аз айдира Iелас. – Тхо ворхI стаг лацарх, шу йерриг йурт, йерриг Нохчийчоь йуьсу. Россера дерриг халкъаш набахти дохкалур дац Iедале. Ас аьлларг а дай, кхузара дIадовла. Аш цхьаммо сихвелла йа хотIе хилла, оцу салташна тохахь, тхо вopхI лаьцна вуьтур вац, йуьртана доккха зулам дийр ду. Сихлур дац вай, собаре а хилла, ойла а йина, Дала дайттинарг дийр ду.
Иза а аьлла, кхин вист а ца хуьлуш, канцеляри чу вахара Iела.
– И нах дIа хIунда ца бовлу цигара? – хаьттира кхеравелла бос баьхьначу Хамовс. – Цара лелочо гойту хьо церан баьчча хилар! Амма хаалахь, кху йуьртарчу Iедална цара новкъарло йахь, хьан дегI тангIалкхаш тIехь кхозург йа хьо схьавеанчу йуха гIуриг хилар!
– Ас аьлла-кх хьоьга, господин пурстоп, со кхеро ма гIерта. Со кхеравала а, цецвала а хIума ца дисина дуьненахь. Ткъа ахь ирхъоллийтахь а, Сибрех вахийтахь а, сайн дахар кепекан меха ца хета суна. ХIокху дуьненахь сайн декхар кхочушдина ваьлла со. Цул а, суна эрна кхерамаш а ца туьйсуш, айхьа со схьа хIунда кхайкхина, дийцахьа.
Канцелярин кертара арабевллехь а, гена ца бовлуш, цхьаццанхьа тобанаш а йина, севцнера нах. Царах кхеравеллера а, хаац, йа Iелина кхерамаш тийсар эрна хиларх кхеттера а, хаац, кхерамаш тийсар а дитина, паргIат къамел дан вуьйлира Хамов:
– Хьо Сибрехара цIа веача, цига гулбеллачу нахана хьалха Iедална дуьхьал ахь дина крамоле къамел хаьа тхуна. ХIокху йуьртахь адамаш карзахдаьхнарг хьо а, Хортаев Овхьад а ву. Нагахь санна ашшиммо и питане мотт-эладитанаш ца дитахь, шуьшиъ лаца дезар ду сан. Иштта бу округан начальникан Галаевн лаам.
ТIаккха Хамовс ма-дарра дийцира, Сибрехара цIа веача, ша волчу гулбеллачу нахана хьалха Iелас дина къамел.
– И къамел ас дар бакъ ду, господин пурстоп. Амма цул тIаьхьа шуна тIекхехьна мотт шаберг а харц бу. Со къена ву, сан могашалла дика а йац. Со цкъа а йуьртан гуламехь а ца хилла, атталла пхьоьхана а ца вуьйлу. И цхьаъ ду. ШолгIа-делахь, хIокху Iедална мел реза вацахь а, сой, Овхьаддий дуьхьал ву цунна герзийн ницкъашца дуьхьало йарна, адамийн цIий Iанорна, хIокху махкахь бехачу машаречу оьрсашна зуламаш дарна. Иштта тхойша дуьхьал ву Iедало нохчашна тIехь латточу лоллина, Iазапна, цуьнан къизаллина. Тхойшинна луург хIокху махкахь Iедало хIоттийна чолхе зуламе, бохаме хьал машаречу некъашца, российски законашца къастор а, нисдар а ду. Амма Iедална ца лаьа иза дан. Нохчийн махкахь барт, синтем, машар хуьлийла. Къаьмнашна йукъахь барт а, машар а хуьлийла. Иза хьоьга дийцар эрна дуйла, хаьа суна. Коьрта бехкениг Iедал ду. Хьо мила вy? Йукъалеларг. Хьайл лакхарчеран карахь тайниг, куьйга ловзо пелхьо. Округан начальнико хьайна тIедиллинарг схьадохьуш вогIу, кхузахь тIуртIаз валлалц къаьркъа а муьйлий, дIавоьду. Хьалха гуламехь йуьртан урхалла хоржуш, Iедало а, йуьртарчу наха а къастийнарш а харжий, хIара гIуллакх машаре дIадерзадахьара аш, элира шуьга Овхьада. Аш иза ца дира. Хьо Ведана, ткъа СаьIадгIар шайн бартахошца гуламера дIабахара. Йуьрто урхалле хаьржина нах дIабаха, церан метта шуьнаш харжа аьлла, округан начальнико салташца схьаваийтина хьо. Харжамашкахь дакъалаьцнарш бIе гергга стаг бен вац. Аш закон талхийна. Йурт карзахйаьккхинарш шу ду. Соьга ла а доьгIна, тахана кхузара дIабевлла и нах. Кхана соьга а ладугIур дац цара. Изза дина аш кхечу йарташкахь а. Халкъ паччахьна, Iедална дуьхьалдаьккхинарш шу ду, господин пурстоп. Мел шайна ца лаахь а, цкъа Iедална, халкъана хьалха жоп дала дезар ду шун.
Букъа тIехьа ши куьг а диллина, чухула дIасаволавелира Хамов. Iелас шена тайниг, пелхьо алар дагах кхетта, оьгIазваханера иза.
– Йоза-дешар хаьий хьуна?
– Цхьа таро йало.
– Хьан Iамийна хьо?
– Каторгехь, бакъболчу оьрсаша.
– Муьлханаш бу и «бакъболу» оьрсий?
– Революционераш.
– И мотт дукха шера бу хьан, воккха стаг. Цо дикане кхачор вац хьо. СаьIад, кехат а, къолам а лол. Таханчул тIаьхьа айхьа паччахьна а, Iедална а дуьхьал цхьа дош эр дац алий, тIелацам йазбел суна… Йа хьашт дац. Къуръан да. Къуръан тIехь дуй баор вай.
ГIуллакх дан кечвелла лаьтташ волу СаьIад, кехат-къолам охьа а тесна, араиккхина, Къуръан дохьуш, сихха схьавеара.
– Ас ма-аллара, дуй баал, – стоьла тIе диллинчу Къуръанехьа корта ластийра Хамовс.
Iела ша волчуьра меттах ца велира.
– Иза дойла йац сан, господин пурстоп.
– ХIунда?
– Со къена, гIорасиз стаг ву. Амма сайн ницкъ а кхачахь, аьтто а нислахь, нохчийн халкъана хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, цуьнан маршонехьа къийса цкъа дуй биъна ас. Шалхонаш лело хан йац сан.
Ша хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, воьхна хьийзара Хамов. Iела а, Овхьад а, лаций, Ведана дIавалаве, аьлла цуьнга Галаевс. Овхьад цIахь вац. Ткъа xIapa Iела бехкевеш, схьалаца хIмма дац. СаьIада а, Iабдис а боху xIapa йуьртан гIуллакхашна йукъагIерташ вац. Бехке хилча а, наха вуьгуьйтур а ма вац. ХIокхуьнца волчу бархI салтичо хIун дийр ду дийнначу йуьртана дуьхьал? Ца байахь а, герз а, говраш а йаьхна, дIахьовсор бу. ТIаккха иза Хамовна доккха эхь хир ду. ХIорш леца лаахь, Галаев ша вогIр ву кхуза, рота салтий а балош.