– Дуьхьал вуй цхьа а?
– Baц! Берриг а реза бу!
– ХIета, и цхьа коьрта гIуллакх чекхдели вайн. БIаьштаг, шун кечам муха бу? – хаьттира Овхьада.
БIаьштага шен хаза тодинчу даккхийчу Iаьржачу мекхех дай куьг хьаькхира:
– Делахь, Овхьад, кечам болуш бара вайн. Амма суна кхин цхьаъ дагадеънера. Делкъан ламаз дина наха, гондIарчу керташка а бахана. Нах делкъе йанза меца бу. Малхбузу ламазан хан а тIекхаьчна. Суьйранна цIахь гIуллакхаш а ду нехан. Оцу овголашца кхаж таса долахь, буьйсанга гIyp ду вай. Куьйгаш а ойуш, харжа вай и ваьш билгалбина нах?
– Iаламат дика хир ду. Иза дан реза дуй алий, хаттал нахе.
Нах, баккхийбеш, резахилира.
– ХIета, СаьIад йуьртда, Iабди писар, Хьуьси, Панта-Хьаьжа, Инарла йуьртан къаной харжа резаволчо куьг айал.
Масех стага хьалалаьцна куьйгаш дагардира БIаьштага.
– Цаьргахьа куьйгаш айъинарг шийтта ву. ХIинца Ахьмад йуьртда, Солта писар, Аьрсамирза, Доша, Лорса къаной харжа реза болчара куьйгаш айал.
– Цхьа хIyмa хатта лаьара суна, вай куьйгаш айале, – элира тобанна йукъарчу цхьаммо. – Iела а, Овхьад а оьрсийн а, Iаьрбийн а йоза-дешар а, меттанаш а хууш, дуьне а девзина, хьекъал а, доьналла а долуш ши стаг ву. И шиъ хIунда вац вай хоржучарна йукъахь?
– Цаьрца къамел хиллера тхан, Бета, – жоп делира БIаьштага. – Iелас, ша къена ву, шен могашалла дика йац, ткъа Овхьада, шен хIокху йуьртахь сецна Iойла хир дац, элира тхоьга. И шиъ йуьртан урхалле вай цахаржарх, царах дагадийр ду вай. ХIинца ас цIерш йаьхна нах йуьртан урхалле харжа резаболчара куьйгаш айал.
БIаьштага шозза дагардира наха айъина куьйгаш. Шен веа накъосте а дагардайтира. ТIаккха жамIаш кхайкхийра цо:
– Йуьртахь куьйган бакъо йолчу виъ бIе везткъа стагах цхьаберш цIера бевлла, дикане-воне бахана а, цомгаш цIахь бисина а, хIинцца кхузара дIабахна а кхузткъа стаг ца вагарвича, кхузахь виъ бIе ткъа стаг ву. Царах шийттаммо СаьIадгIаьргахьа куьйгаш айъина, виъ бIе бархIаммо Акхболатан Ахьмад йуьртда, Солтханов Солта писар, Абкархьаьжин Аьрсамирза а, Султахьаьжин Доша а, МаIазин Лорса а къаной хаьржина. Вайн барт ма-хиллара, оццу куьйгашца МаIазин Лорса йуьртан молла а, къеда а хаьржина. XIapa харжамаш нийса хиларх шеко йолуш вуй цхьа а?
– Вац!
– ХIета, Лорса, доIа а дай, дIаберзабел вайн болх.
– АлхьамдулиллахI! АлхьамдулиллахIи раббил Iаламийна! Йа АллахI, дуьне-Iалам кхоьллина, ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша тхан Дела! Тахана оха бинчу харжаман тIаьхье беркате йелахь. ХIокху йуьртарчу наха, тхох тешна, къастийнчу тхуна уьш а, тхо царна а муьтIахь делахь. Тхох тешначу хIокху йуьртарчу адамийн ийманехь барт бан, царна йукъахь нийсо йан, уьш керстан Iедалан харцонех, йамартлонех ларбан, массо а зенех-зуламех ларбан тхуна хьекъал, кхетам, собар, ницкъ лолахь…
– Амин!
– АллахIу амин!
– XIapa керста Iедал тхуна муьтIахь делахь. Тхан дегнаш, ойланаш хьагI-гамонех, харцонех, йамартлонех, хьарамлонех ларйелахь. Хьо реза воцург дан шайтIано тхуна дагадаийтахь, тхан куьг-ког йухаозалахь, тхан бIаьрса дIаэцалахь, тхан меттанаш совцаделахь, тхан лергаш къарделахь…
– Амин!
– Къинхетам белахь, йа АллахI!
– Йа АллахI, хIай къинхетаме Дела, тхо керстан балех кIелхьардахалахь. Керстан Iедало махках баьхна, балехь болу тхан дай, наной, йижарий, вежарий, доьзалш могаш-маьрша цIа берзабелахь, уьш а, тхо а керстан балех ларделахь, тхоьгара гIaйгIa-баланаш дIаэцалахь. ХIокху йуьртахь а, махкахь а ийман-беркат а латтаделахь. Оха ца кхеташ дийлийтинчу гIалаташна, летийнчу къиношна, тхох къинхетам бай, гечделахь. Тхан дахар а, далар а ийманехь хилийталахь, ийманехь нисдай, тхан дуьне а, эхарт а декъалделахь…
– Амин!
– Тхан гIийлачу доIина жоп лолахь, йа АллахI!
– Хьайн маликийн, пайхамарийн, эвлайаийн орца лолахь!
– …Фатихьа!
ДоIа чекхдаьлча а цIа баха сиха бацара нах. Цара забарш йеш, боьлуш, кегийра тобанаш йина къамелаш дора. Уьш баккхийбера тахана шаьш баьккхинчу жимачу толамах. ХIокху маситта шарахь тахана дуьххьара царна хьалха йухабевллера пурстоп а, йуьртара хьолахой а. Ткъа тIаьхьалонан цара ойла а ца йора…
***
КАХАНОВСКИ СТАНИЦЕРЧУ