ХIунда кхойкху бохуш, туркхе хеттар эрна дуйла хуу Iела, шена тIе цIена духар а дуьйхина, йукъах детица кхелина доьхка а, шаьлта а дихкина, аравелира.
2
Йуьртан канцелярин кертахь гоьзанех дIатесна иттех говр а, белшех кхозуш тоьпаш а йолуш, хIиттина лаьтташ а, хевшина Iаш а масех салти а вара. Цхьаммо а ца сацош, канцеляри чуваьллачу Iелина, цицигачух тера мекхаш а дусийна, мукадехкачух тера ши бIаьрг а цIийбина, цхьана хIуманна-м оьгIазвахана СаьIадана тIекъекъаш, Хамов карийра. Iела неIарх чуваьлча, хазахийтира СаьIaдaнa.
– XIapa ву-кх ахь схьакхайкхийтина Абубакаров Iела! – йуьхь йекхайелира цуьнан.
Iелас оьрсийн маттахь маршалла хаьттира пурстопе. Амма вукхо иза дIа ца ийцира.
– Хьо ву и бунтовщик? Каторжник? Социал-демократ? – цавашаре вела а къежаш, Iеле хьежа хIоьттира Хамов. – Делора ву, церан ваша хила ма-веззара! Нохчо – социал-демократ! Ревво-люцци-оннер! ХIара-м Iаламат беламе дай! – Iелин гай тIе шедакхаж Iоьттина, гIадвахана велавелира иза.
Iелас хала сатуьйхира.
– Муьлхачарех ву хьо? Большевик ву, меньшевик ву?
– Цхьаннах а вац, – паргIат жоп делира Iелас. – Цаьрца хила къена ву со. Амма большевикийн гIуллакх ас даггара къобалдо. Цхьа ткъех шо къона велахьара, шеко йоцуш цаьрца хир вара.
– Сацае хьайн муцIар, къена вир! Хьо хьанна хьалха лаьтта, хаьий хьуна? ДIабаккха хьайн коьртара куй!
– Нохчийн гIиллакх дац, коьртара куй дIабоккхуш. Ткъа хьо мила ву а, хаьа суна. Овхьада вийцина, ма-варра…
– Хьайга бохург дехьа, Iела, – кхеравелла, йукъавуьйлира СаьIад. – Мухха велахь а, Iедалан векал ма ву иза…
Iелин оьгIазечу хьажаро дIатевира СаьIад.
– ЛадогIахьа, господин пурстоп, хьуна хаьий ткъа, хьо мила Iамо, мила кхеро гIерта? – Хамовна тIевирзира Iела. – Эрна карзах ма вийла. Сан кхузткъе пхийтта шо ду. Шун олалла тIе ца лаца гIерташ, сайн дейтта шо кхаьчча, кара герз а эцна, йалхитта шарахь шуна дуьхьал тIом бина ас. Цхьа шо Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шо Сибарен каторгин жоьжахатехь а даьккхина. Со цхьаъ вац оцу жоьжахатехула чекхваьлларг. Шун паччахьо тхоьгара мохк дIабаьккхина, тхо лолле доьхкина. Тхан даьIахкаш йуьйдина Россин а, Хонкаран а массо а маьIIехь. Шун инзаре боккхачу ницкъа кIел ах хIаллакьхилла тхан къам. Амма тхо гора хIитто а, тхан коьртара куйнаш дIадаха а ницкъ ца хилла шун цкъа а йа хир а бац. Кхин сан дегIах шедакхаж ма Iотталахь, ас могуьйтур дац хьуна!
Хамов шен тапчин xyмпIapx тасавелира.
– Ларлолахь, господин пурстоп! – шаьлтанан макъарна тIе куьг а диллина, цхьа гIулч хьалха тесира Iелас. – Охьадахийта ши куьг! Ахь уьш меттахъхьадахь, ас чоко арахоьцур йу хьан!
Схьайаьстина хумпIар тIекъовла а ца ваьхьна, СаьIадана тIевирзира Хамов:
– Ткъа хьо хIун деш лаьтта кхузахь, хорша йеача санна, вегош? КIилло! Массеран а цхьабарт бу шун, варраш! Салтий схьа а кхайкхий, дIалацийта каторжник!
Оцу минотехь арахь гIовгIанаш йевлира. Корехула арахьажавеллачу Iелина, Доша коьртехь а волуш, говрашкахь, герзаца масех стаг гира.
– Арадала оцу чуьра, СаьIад боху гIизби! – хезара Дошин мохь. – Аш Iелин коьрта тIера цхьа чо божабахь, хIокху йуьртара шу иттех стаг сийначу цIарах вагор ву!
Кхаш тIера цIa богIу нах, шайна тешнабехк бинийла хиъна, цхьацца-шишша схьагуллуш, уьйтIахь йоккха тоба гулйелира. ТIехула тIе, ша тIе мел кхаьчначуьнга, пурстопо Iела лаьцна, олура туркхо.
– Ахь тIаьхьахьехна хир бу уьш? – ара пIелг хьажийра Хамовс.
– XIaн-xIa, – корта ластийра Iелас. – Цаьрга орца аллал доккха хIyмa а дац xIapa.
– Итт минот йалале уьш цигара ахь дIа ца бахахь, ас ирхъуллуьйтур ву хьо!
– Уьш кхузара дIабохур бу ас, амма сайн дуьхьа а доцуш, церан шайн дуьхьа. Цаьрга цIий ца Iанадайта.
Iела аравелира. Нахана тIе тоьпаш а йерзийна, шаьш хIун дан деза ца хууш, боьхна лаьттара учара салтий.
– Тоьпаш охьайахийта, шайна шаьш дайъийта ца лаахь, – элира цаьрга Iелас. – Вай-м цхьа адамаш дай.
Iела учахь гучуваьлча, гIовгIанаш совцийна, ладуьйгIиpa наха.
– Вежарий! Шу хIунда гулделла кхуза?
– Тхуна тешнабехк бина оцу жIаьлеша!