И дерриг а халкъ вагонаш тIегIоьртира. Иза сацо ницкъ ца кхаьчна полицейскийш йухабуьйлура.
– Вагонийн неIарш тIечIагIа! – вагонийн неIаршкарчу салташка мохь беттара полицин пурстоьпо, цIерпоштан йохалла дIаса а уьдуш.
ЦIерпошт цIеххьана йуханехьа йолаелира. Шаьш Гуьмсе дIадига бохку-те xIopш аьлла, цецвелира Мудар. Амма цIерпошт, гуттар а йуьстахчу цхьана некъа тIе а йаьлла, чкъургаш а цIовзийна, сецира. ТIаккха, хьалхара йай вагонех дIа а къастийна, лаьллина цхьана агIор дIа а бигна, хIорш шаьш болччохь битира. НеIарш тIе а къевлина, готтачу корехула бен чу хIаваъ догIийла а йоцчу вагонаш чохь бисина нах, оцу бурконе а хевшина, хуьлуш долчух ца кхеташ, дIатийра. Царна хезара арахь оьрсийн, нохчийн меттанашкахь детта оьгIазе маьхьарий. Амма оцу хьолехь дукха ца лаьттира. Арахь тIегIертачу наха, уьш ларбеш лаьтта салтий дIа а баьхна, дIайиллира вагонийн неIарш. ТIаккха Мударна хьалха схьахIоьттира масех бIе стагах лаьтта къорза тоба. Йукъ-кара нохчийн куйнаш, чоэш. Эххар а и гIовгIанаш а дIатийра. Вагонашна хьалха тIекIел йоьттинчу йаьшканаш тIе хьала а ваьлла, цхьана оьрсичо куьг хьалалаьцча. Тахана керл-керла хуьлучу, шена гучу инзаречу гIуллакхаша цецвоху Мудар, уьш дерриг а дицделла, акъваьлла висира, оцу оьрсичунна тIаьххье хьала а ваьлла, цунна улло хIоьттина шен йуьртахо Овхьад гича. Шен бIаьргех ца тешаш, уьш хьакха а дина, леррина цуьнга хьаьжира Мудар. Шеко хуьлийла а дацара. Лекха, элдара, куьце дегI, доцца лоргуш тодина Iаьржа маж-мекх, майра хьажар а. Цуьнан йуьртахо, ХортIин Овхьад ву-кх!
«Ванах, хIара а хIунда веана кхуза? – цецвуьйлура Мудар. – Йуьртахой суна дуьхьалбаьхна ца Iаш, кхуза а веана. Суна тIаьхьара вала ойла йан а йуй-те цуьнан?»
– Вежарий-ламанхой! – къамел долийра Овхьадал хьалха йаьшканаш тIе хьалаваьллачу оьрсичо. – Масех бIе шо ду паччахьан а, хьолахойн а Iазапа кIел оьрсийн къинхьегаман халкъо узарш ден. Оьрсийн халкъах Iуьйдучу цIийх ца Iаьбна, цIapцa, туьрца шайн кога кIел доьхкина цара кхидолу кегий къаьмнаш. Шун дайша бIе шарахь гергга турпала дуьхьало йира паччахьан колонизаторшна, церан Iазапан дукъа кIел шайн маьрша кортош охьа а ца таIош, царна хьалха гора а ца хIуьттуш. Паччахьо а, хьолахоша а нуьцкъах а, Iехош а шун йарташка лоьхкура оьрсийн салтий. Цаьрга хIаллакдойтура шун халкъ, сийначу цIарах йагайойтура шун йарташ. Шун жимачу халкъан ницкъ ца тоьира шайн махка гIерта дуьненахь а йоккха, къизачаралахь а къиза Россин импери йухатоха, сацо. Шуьгара уггар дика мохк дIа а баьккхина, шу дерзинчу тIулгийн лаьмнашка а доьхкина оьрсийн паччахьо. Амма шуна ма мотталаш, и шайгара дIадаьккхина латта оьрсийн къинхьегамхошна делла. ХIан-хIа, ца делла. Шун а, тхан а цIий муьйлучу хьолахошна, шун халкъан цIий Iенийнчу инарлашна, эпсаршна, царна гIo динчу йамартчу йовсаршна совгIатана дIадекъна. ХIокху гIалара дика, хаза цIенош гиний шуна? Царна чохь бехарш хьолахой бу, ткъа царна хьал IаIош, лайш хилла болх беш, къахьоьгуш долу тхо тIекхетта йохкучу тIуьначу лаппагIаш чохь а, набахтел тоьлуш йоцчу баракаш чохь а деха. Тхан берашна деша ишколаш йац, цомгашчарна больницаш а йац. ДIахьовсал Суьйра-Коьрте. Нохчий цигара дIа а баьхна, цига нефтан вышканаш хIиттийна. Ингалсан, Францин, Бельгин хьолахошна доьхкина оьрсийн паччахьо шун мехкан хьал! Ткъа шу, хIокху дашочу мехкан дай, сагIадоьхургийн хьолехь далладо цо. Господинаш АхвердовгIар, КиреевгIар бу цунах берсташ. Тхан, оьрсийн халкъан, долахь хIара кIерсагдевлла, берче белхан куьйгаш доцург, хIумма а дац. Амма тхо белхалойл а йоккхачу къеллехь, холчохь бу оьрсийн ахархой. Тхо тхаьш а ду селханлера ахархой. Йарташкахь олалла дечу помещикийн къизаллой, цара тхайга хIоттийнчу къеллой, мацаллой арадаьхна, болх а, доьзална баьпкан йуьхк а лаха гIала даьхкина тхо. Вежарий-ламанхой! Паччахьан а, хьолахойн а лоллина кIел садетта собар а кхачийна, царна дуьхьал гIевттина оьрсийн белхалой а, ахархой а. Тахана революцин цIе кхерста Россехь. Ахархоша багабо помещикийн бахамаш. Халкъо бакъонца бекхам оьцу шегахь Iазапдаллорхойх. Оьрсийн халкъ маьршадала гIерта бIешерийн лоллех, Iазапах. Амма мостагI вайн массеран а йукъара ву. Тхуна а, шуна а, Россерчу дерриг а халкъашна а тIехь xIapa Iазап латтораш оьрсийн паччахь а, хьоладай а бу. Шайна дуьхьал вайн барт ца хилийта, шайна дуьхьал вайн ницкъаш цхьаьна ца кхетийта гIерта уьш. Вайна йуккъехь мостагIалла латто питанаш туьйсу цара. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша хIинццалц шуна тIелоьхкура оьрсийн салтий. ХIинца царна дуьхьал шайн маршонехьа гIевттинчу оьрсийн къехойн цIий Iено дуьгу шу…
Вагонан корехула арахьоьжучу Мударна гира цхьана урамехула адамийн тобанна тIейогIу салтийн тоба. Иза адамашна тIекхаьчча, хьалха вогIучу эпсаро, саца а сецна, нахана тIе а вирзина, мосазза а мохь туьйхира. Наха ша тергал ца вича, салташкахьа а вирзина, цаьрга омра дира цо. Тобанах а къаьстина, салташна тIеваханчу цхьана стага цаьрга масех дош элира. Салташка куьйгаш а лестош, цхьаъ-м бохуш, маьхьарий деттара майданарчу наха. Эпсаро чехабора салтий, амма тоьпийн баххаш лаьтта а хIиттийна, меттах а ца бовлуш лаьттара уьш.
– Гой шуна и дIогахь лаьтта салтий? – цаьргахьа куьг тесира къамелахочо. – Тхо кхузара дIасалахка, оха дуьхьало йахь, тхуна тоьпаш тоха, тхо дайа балийна уьш. Амма оцу салташа, Россехь массанхьа санна, дуьхьало йо шайн вежарийн цIий Iено. Цундела дуьгу шу Россе. Хьолахой, церан бахамаш ларбан, маршонехьа гIевттинчу оьрсийн белхалойн а, ахархойн а цIий Iено. И эхье чаьлтачан декхар кхочушдийриг ахча делла шуна. Вежарий-ламанхой! Шун майрачу, оьздачу къомах цкъа а ца бевлла йолахой, чаьлтачаш. Паччахье, хьоладайшка шаьш ма Iехадайта! Ахчанах Iехалой, шайн къоман сий ма бехде! Цул мацалла далар гIоли йу шуна! Соьлжа-ГIалин пролетарис, бохамехь шун вежарша, оха доьху шуьга шайн йарташка йухадерзар! Декъала хуьлда революци!
Адамийн тобано тоьхначу тIараший, маьхьарший лергаш къардира Мударан.
– Декъала хуьлда революци!
– ДIадаккха паччахьан Iедал!
– ДIабаха хьоладай!
– Декъала хуьлда маршо!
Адамийн маьхьарий дIатийра, оццу оьрсичо куьг хьалалаьцча. ТIаккха вистхилира Овхьад.
– Нохчий! ХIокху суна уллохь лаьттачу оьрсийн белхалочо шуьга дина къамел шеггара дац. ХIокхо и къамел дина кхуза гулбеллачу а, схьабахказа бисинчу а гIaлин белхалоша тIедилларца. ХIокхуьнан къамел, цхьа дош тIе а ца тухуш, кIел а ца дуьтуш, ас гочдийр ду шуна…
Овхьад къамел дан волавелча, цхьа масех минот хьалха ша цунна оьгIазвахарх дохковелира Мудар. Кхуза гулвеллачу масех эзар стага шайна йукъара къамел дан къастийнчу оьрсичух а, нохчочух а цхьаъ Мударан йуьртахо ву. Овхьад майра а, хьекъале а, оьзда а, доьналле а стаг вацахьара, цара къастор ма вацара иза.
«СаьIадгIар, ХьуьсигIар хIун йу Овхьадана хьалха? – бохура цо ша шега. – КоIанаш! Марцарш! ХIapa дуьне деса ца дита Дала кхоьллина кIиллош. ХIетте а Овхьада бохург ца дира ас, СаьIадгIарга Iехавайтира. ДIовш хиларг, и малар ду со дакъазаваьккхинарг».
Маларх ваставелча, дохковуьйлу Мудар ша лелийначунна. Амма тIаьхьа хуьлу-кх. ХIинца цунна шех чекх са гора, ша шех кхаьрдара…
– Сан йуьртахо ву иза, – куро кхоссар йира цо, шена уллохь лаьттачу зоьрталчу шоточунна чоьже муьшка а йеш.
– Ахь баккъал бохийца? ХIай, даьдисарг, и гIазакойн мотт ма шари лалабо цо!
– Сибрехь ткъе вopхI шо а даьккхина, ши шо хьалха цIа веана иза. Иштта дика Iаьрбийн, туркойн меттанаш а хаьа цунна…
Тобанна тIехьа лаьттачу адамийн цIеххьана гIoвгIанаш йевлира. Цига дIахьаьжначу Мударна гира гIаш а, говрашкахь а кхаа aгIop тIедогIу эскар…
2
Россе буьгу нохчийн йолахой совцо кхуза гулбелла гIалин белхалой дIасалахка йалийначу салтийн взводо царна тIе тоьпаш тоха дуьхьало йича, гIалара далийначу эскарийн дакъойн йуьхь йара Мударна гинарг.
– Нохчий! ХIокху оьрсичо шуьга аьлларг, цхьа дош тIетоха ца оьшуш, кхачо йолуш ду, – шен къамел дерзош вара Овхьад. – Оьрсийн паччахьо шайгара дIайаьккхина маршо ламанхошка йухайерзалур йац оьрсийн а, Россехь дехачу дерриг халкъийн а гIоьнца бен. Цундела паччахьан Iедало кхечу къаьмнашначул тIех баккхий бохамаш бинчу, царал тIех доккхачу Iазапехь, лоллехь даллочу нохчийн халкъан декхар ду, шайн маршонехьа къуьйсучу Россерчу халкъашца уьйраш а тесна, царна гIоьнна гIовттар. Амма аш Россехь кхочушден долчу эхьечу гIуллакхо нохчашний, оьрсашний йукъара барт, гергарло чIагIдийр дац, йукъахь цатешам, цабезам кхуллур бу. Вайн къомана эхь дан доьлху шу цига. Нохчийн йартийн векалша тахана Кавказан наместникан а, вайн депутатан Эльдарханов Таьштамаран цIарах Пачхьалкхан Думе а телеграммаш йахьийтина…
Хьалхарчу ротин салташа, шиний aгIop дIа а хIиттина, цIерпоштан некъ дIалецира. ШолгIачу рото, гонаха салтийн ха а хIоттийна, депо чуьра цIерпоштан йай арабаьккхира. КхоалгIачу роте а, пулеметийн команде а, гIалагIазкхийн дошлойн бIоне а омра дира, платформа а, вокзал а, цунна хьалхара майда а, цига догIу урамаш а белхалойх дIацIанде аьлла. Кхаа агIорхьахула тIетаьIначу цара, салташа тоьпийн баххаш детташ, гIалагIазкхаша шодмаш а, аьрташха тарраш а детташ, платформи тIера йухадаьккхина адам вокзалах пена тIе таIийра. Цигахь нахана йетта йолийра курсантийн командо. Амма дукхахболчу белхалоша, низамехь тобане а гулбелла, шаьш лаьттачуьра меттах а ца бовлуш, дуьхьало йира царна. Курсанташна йетта йолийча, гIоьнна йеанчу пулеметийн командо гонна йукъахьовзийра белхалойн тоба. Кхечухьа йухабаьхна белхалой тIегуллуш, вокзалах хьалхарчу майданара тоба а стамйелира. Белхалоша дуьхьало йора бIаьргаш цIийдина, хьерабевлча санна тIелетачу салташна а, гIалагIазкхашна а тIулгаш, кибарчигаш, эчигаш, дечигаш – шайна кара мел йеанарг тIеетташ. МаьI-маьIIехь тоьпаш йуьйлура, къорра татанаш дора тоьпийн баххаша, хIаваъ цоьстуш шакарш йеттара шодмаша, тарраша. Коьртах хIума кхетта говраш, терсаш, тIехьарчу когаш тIе хIуьттуш, карзахъйуьйлура. ОьгIазе йаппарш, узарш. Чевнаш хилла охьаэгна нах, тергал а ца беш, хьоьшура.
Оцу къематденна йуккъехула Овхьадан тIаьххьара а дешнаш хезира Мударна:
– Хезий шуна, нохчий! Цхьана махкахь xIоpш санначу мисканийн цIий Iено дуьгуш ду шуна шу! Эхь хуьлда шуна цига гIур делахь!
– Дала хIаллакдойла шу цига гIахь! Дала дийна цIа дерза пурба ма лойла шуна! – тобанна йуккъерчу цхьана нохчочун мохь а хезира цунна.
Масех сахьт хьалха белхалоша, вагонаш хьалхара дIа а баьккхина, депо чу бигна йай, цIерпоштан шиний aгIop моггIара дIахIиттинчу салташна йуккъехула схьа а балийна, йуха вагонашна хьалха туьйхира. Цо, доккха тата а доккхуш, вагонаш цIеххьана йуханехьа тоьхча, галваьлла Мудар, шена уллорчу шоточух ка а тухуш, аркъалкхийтира. ТIаккха вагонаш хьалха а узуш, цIогIане мохь а тоьхна, Iaь туьйсуш меттахбаьлла, тIаьхь-тIаьхьа чехкаболуш, малхбузехьа дIахахкабелира.
Шa къен велахь а, оцу къелло маларе а марзвина, дакъазаваьккхинехь а, амма шен дегIан кIоргехь ламанхо, нохчо вара Мудар. Цуьнан дагах мIараш туьйсуш, гIуьттура ламанхойн уггар а оьзда гIиллакх: цо доьхкура карахь герз доцчу стагана, иза мостагI велахь а, дуьхьал герз айар.