ТIаккха хилира Деши кхийринарг. Оцу агIорхьара хир бу, ца моьттура цунна бохам. Ведана-гIопан набахтехь Соип волуш, оцу цхьана баттахь хиллачунна тIе а къанйелира Деши. Корта, ло санна, кIайбелира. Букъ сеттина, букархьаьвзира. Хебаршка ихна йуьхь жIоpмакax тарйелира. Ирх ца оллахь а, Сибрех вохуьйтур ма вара иза. Шен да санна, цигахь доьза вовр ма вара иза. ТIаккха тIаьххьара кIур бовр ма бара Болатан. Дешис ша а хIун дийр дара? Къаналла ма йара тIегIерташ, борз санна. ТIаккха иза хьанна тIетевжар йара, цамгаро лаьцна, кIелйисча, иза хьан кхобур йара, йелча, хьан дIайуллур йара, цуьнан кошан барза тIе мила хIуттур вара…
Дала ца хилийтира иза. Дала орцахваьккхира Зеламха. Цо, салтийн буйнара а ваьккхина, схьавелира цунна Соип. Гена лаьмнашкахь, жимачу кIотарахь цIа а тардира. Газа-уьстагI, бежана нисдира. Соипана зуда а йалийра. Масех шо даьлча, Iедална Соип вицвелча, шайн йуьрта цIа дирзира. ХIинца и шиъ цхьа дацара. Соипан зуда а, ши кIант а дара. Овхьада белхеш вовшахтухуш, керт-ков меттахIоттийра цхьана йоццачу хенахь.
Дешина ша ирсе хетара.
Муха ца хета, цхьаъ бен воцчу кIентан ши кIант хилча! Цуьнан Болатан тIаьхье хилча. И шиъ хилла а Iийр ма дац. Кхин а хир ду бераш. ЙоьIарий а, кIентий а. Деши къанйелча, цунна гонаха хьийза. Цуьнан дола дан. Цуьнан дог эца, дог дело.
Дешина ша ирсе хетара оцу масех шарахь. Ирсе йара иза. Амма цхьа бутт хьалха йуха а дуьне кхоьлира цунна.
Оцу деношкахь даим кхоьлина гора цунна Соип. Кертахь цхьа болх болош, чекх ца боккхуш, дIатосуш. Эххар а цхьана суьйранна къамел хилира цаьршиннан.
– Нана, Зеламхех дIакхета сацам хилла сан.
Деши йуьхьанца ца кхийтира цо аьллачух. Иза хаттаре кIaнтe хьоьжура.
– Со Ведана набахтехь волуш, айхьа лайна баланаш, со Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, хьайн дог эккхаза дисинера бохуш, дуьйцу ахь сих-сиха. ХIетахь Аюба а, Абубакара а салташкара схьа ца ваьккхинехь, со вийна хир вара йа Сибрехь доьза вайна хир вара. Оцу дийнахь со кIелхьарваккха Iожаллина дуьхьал хIоьттира и шиъ. ТIаккха гена лаьмнашка дIавигира. Суна цIа-цIе а тардира. Хьо а дIайалийра. Суна зуда а йалийра. Доцца аьлча, хьуна дерриг а хаьа. Вежарша вешин дийр дацара цара сан дина дола. И шиъ йамартлонца вийна. Сан ши ваша. Со воцург, чIир йекха верас вац церан. Вежарий бац. Цхьацца жима ши кIант ву, диъ-пхи шо долуш. Зеламхех дIа а кхетта, цаьршиннан чIир йекха йеза ас.
XIинцa кхийтира Деши кIентан Iалашонах. Цхьана агIор бакъ вара иза. Аюб а, Абубакар а вежарийн метта ма хиллера Соипана. Дешина шен кIентий санна. И дерриг Соипаначул дика хаьара цунна. Амма ненан дог… Соип цуьнан кийрахь ма кхиъна. Исс баттахь. Иза дуьнен чу волуш, йалаза ма йаьлла Деши. Иза кхиош бIеннаш буьйсанаш набарза ма йайъина цо. Иза мацваларна, шелваларна, лазорна, валарна кхоьруш. Иза цхьаъ бен ма вацара цуьнан. КIентан ши кIант-м ву. Дешина шен са санна дукхавезаш. Амма Соип цуьнан цIий ду. Цуьнан дог ду. Иза вехь, садетталур ма дац цуьнга.
– Хьан ойла иштта хилар цхьана агIор хазахета суна, Соип, – элира цо. – Хьан къамел къонахчун къамел ду. ДанчIин Болатан кIентан къонах ца хила бакъо йац. Хьайн ткъе пхи шо а кхачале гайтина ахь хьайн къонахалла, доьналла. ДоттагIчунна орцахвала декхар ду къонахчун. Аюб, Абубакар санначу доттагIашна орцахвалар – муххале а. Амма цаьршиннан чIир йекхале хьайх хIун хир ду, хаьий хьуна? Ахь чIир йекхарх, уьш денлур ма бац. Цундела, суна хетарехь, цаьршиннан чIир йекхар дац хьан декхар, ткъа цаьршиннан къеначу дай-нанойн, кегийчу берийн хьайн ницкъ кхоччу доладар ду. Амма и сацам айхьа тIеэцале, цкъа хьалха хьайн зудчун а, шина кIентан а ойла йан ма йезара ахь, Соип. Къена со-м хьехор а йацара ас. Хьо кийрахь волуш, ас лайна халонаш Аминате а, шина кIанте а Iийшийта, лайта воллу хьо?
Соипа, шинне куьйга корта а лаьцна, цIенкъа а вогIавелла, жоп ца луш цхьа хан йалийтира.
– Суна ха деш, дукха салтий буйла а хууш, цаьргахь герз дуйла а хууш, шаьшшиъ верна кхерам боллушехь, со кIелхьарваккха царна дуьхьал ма ваьллера и шиъ, нана. ХIетахь царна, со мила ву а, ма ца хаьара, вуьйцу а ма ца хезнера. ХIетте а, и шиъ со бахьана долуш гуш лаьттачу Iожаллина тIевахара. Ткъа цара суна дина вошалла хьуна хаьа. Аюбан, Абубакаран чIир ца йоькхуш велча, эхартахь цаьршинна дуьхьал со муха хIотта веза?
Дешис дийцарх, дехарх, йелхарх, шен сацамна тIера йуха ца велира Соип. ГIаддайна, шена гIоьнна Овхьад кхайкхира Дешис. Дешис динна къамел дира цуьнга Овхьада а. Амма Соип шен сацамна тIера йуха ца волура.
– Дика ду, Соип, – тIаьххьара дерзийра Овхьада шен къамел. – Охашиммо дийцинчух ца кхета хьо йа кхета ца лаьа. Амма ас кхин цхьаъ олу хьоьга. Зеламха нохчийн халкъан майра, оьзда, тешаме, доьналле кIант а, къонах а ву. И хьан санна сонта ойла йолуш oбapг ваьлла иза. Шен вешин йезар йигначарех бекхам оьцуш, царах стаг вийна мостагIалла тIедоьжна цунна. ТIаккха вукхара церан стаг а вийна. ТIаккха Iедал церан девнна йукъагIоьртина. ЗеламхагIар лецна. ТIаккха набахтера вада а ведда, шайн мостагIех а, халкъ Iазапехь латточу Iедалх а бекхам эца араваьлла. Цул тIаьхьа дено-дено мостагIий алсамбуьйлура цуьнан, Зеламхин шен а, цуьнан накъостийн а. Цхьана агIор – чIирхой, вукху агIор – Iедал. Хьалха цуьнца хиллачу тешамечу, майрачу, доьналлечу накъостех масех стаг бен дийна ца висина. ЧIирхоша а, Iедало а байъина. Иза а вуьйр ву. Цхьана итт, бIe эзар стаге дохалур ма дац xIaрa Iедал. Шайн коьртехь хьекъале нах а болуш, маситта эзар гIеттича а, боха ца белла. Тоьпаш йетташ, ирхъухкуш, Сибрех хьийсош а, хIаллакбина. Iедалан карахь ницкъ бу. Законаш, эскарш, полици, жандармери, суд, чиновникаш. Набахтеш, каторгаш, лагерш. Хьолахой, лакхара динадай а Iедалехьа бу. Цундела эрна ма бу Iедална дуьхьал обаргийн къийсам. Эрна хилла а ца Iаш, вайн халкъана зуламе бу. Обаргаша некъахой, хьолахой, гIалагIазкхий талабо, ткъа цара талийнарг мискачу халкъе меттахIоттадойту Iедало. Уьттазза, бIозза алсам. Обаргаша хьаькамаш бойу, ткъа Iедало бехк-гуьнахь доцу миска адамаш Сибрех хьийсадо. Хьо дIакхетар ву Зеламхех. Iедало вийначу хьайн шина доттагIчун чIир йекха. Ткъа Iедало кхана-лама, бутт баьлча, шо даьлча, мацца а цкъа хьо а, Зеламха а вуьйр ву. Хьо вийча пайда, гIo хир дуй ткъа Аюбан, Абубакаран, хьан доьзалшна, нохчийн халкъана?
Мел дийцарх а, Овхьаде берта ца валавелира Соип. Ши бутт хьалха цIера аравелира иза. Дешин бертаза. ДIавоьдуш, герз дацара цуьнгахь. Цхьа кIира даьлча, буьйса йаккха цIа веача, пхоьазза йолу топ а, ворхIазза йолу тапча а, бомба а йара. Дукха хан йалале Къоьзан-Iома уллохь а, Чермойн ломахь а тIом хилла аьлла хезча, Соипах хилларг ца хууш, дуьне гатделла, бIарзйелла хьийзира Деши. Цхьадика, цигахь дийна висинера Соип. Мичахь ву а, цунах хилларг хIун ду а, ца хаьа.
Дешина ша ирсе хетта масех шо чекхдаьллера. ХIинца Аминат а, ши кIaнт а гича, дог Iаьвжара цуьнан…
3
Къоьзан-Iома уллохь байъинчу дошлойн, салтийн, некъан белхалойн доьзалшна гIоьнна Iедало нохчийн йарташкара итт эзар туьма ахча даьккхича, огIазвахана, дог карзахделира Зеламхин. Цо динчунна бехке халкъ ма дац. ХIунда хьийзадо Iедало бехк-гуьнахь доцу миска халкъ? Кертахь оьшучунна кхоош, шерашкахь кепекаш тIекIелйохкуш, наха хьацарца гулдина ахча цаьргара дIадаьккхина! Ахча доцчун кертара кегийчу берашна шурин тIадам боккхуш хилла тIаьххьара бежана, газа-уьстагI дIадигна. Уьш а доцчеран хIусамашкара миска сал-пал дIайаьхьна. И сал-пал аукционе йаьккхича, цхьаммо оьцур йоций хуъушехь. ХIуьттаренна. Иза хууш, цхьаболчу нехан сал-пал, кертахь тIекIел йуттуш, йагийна. ХIуьттаренна. Зударий, бераш делхош. ХIуьттаренна. Дуккха а йарташкахь цхьаболчу нехан цIенош дагийна. ЦIерш туьйсуш а, чу бомбанаш кхуьйсуш а. Обаргашна гIo динчу нехан. Обаргашна кхача беллачу нехан. Зударий, бераш делхош. Борз санна, тIедогIучу шийлачу Iай чубаха хIусам, кIелхIитта тхов боцуш, уьш йерзинчу стигала кIел буьтуш.
ХIан-хIа, Зеламхас бекхамза йуьтур йац Iедалан и акха къизалла. Цо къинхетамза бойур бу и къизалла лелийна хьаькамаш, салтий, гIалагIазкхий, дегIастанхойн дошлой. Моргания, Кибиров, Донагулов. ТIаьхьарниг вуьйр вац. Цуьнан вешина тIехь диннарг дийр ду. Иза дина а Iийр вац. Схьа а лаьцна, вoIуp ву. Уггар хьалха ден дезарг и Кибиров боху хIирийн зуд ду. Цхьана йоццачу хенахь Ведана-округан начальник лаьттина иза. Цига кхин хIоттаваллалц. ХIинца кхин ву начальник. Подполковник Каралов. Муьлхачу къомах схьадаьлла ца хууш, цхьа къутIа. Мекара ду хIара Iедал. Хьалха оьрсийн эпсарш хилла, боху, кхузахь нохчашна и тайпа таIзарш деш. ТIаккха къизалла лело царна кIордийнера, хаац, йа шайгахь товш ца хеттера, хаац. Йа шайн куьйгаш бехдан ца лиънера, хаац, и эхье болх кхечу къаьмнех нахе белла оьрсаша. ДегIастанхошка, хIирашка, гуьржашка, абхазашка, эрмалошка. Нохчашна, гIалгIашна йукъахь а карийна и тайпа чаьлтачаш. Бакъду, хIокхара къайлах бо и болх. Iедална тIе къайлах мотт кхоьхьуш. Ахчанах. Уггар эхье болх бу цара бийриг. Шайн къоман вежарий, бусалба вежарий къайлах бухкучул, герз карахь, даррехь летар гIоле ма йу. Стешха чагIалкхаш!
Зеламхас дукха ойла йина, Iедалх бекхам муха оьцур бара-те бохуш. Иза дан хала ду тахана. Массо а йарташкахь эскарш ду лаьтташ. Уьш а нохчашка шайга кхобуьйту. Шайн хIусамашкахь. Салташна кхача а, мотт-гIайба а латтош. Церан говрашна докъар, хIоъ латтош.
Шен а, халкъан а коьрта мостагIий кхузахь байарх а сатуьйр дац цуьнан. Iедало нахера даьккхина ахча, нахана дина зен меттахIотто деза цо. Iедалера ахча а даьккхина. Оццул ахча кхузарчу банкашкахь хир дац. Зеламха уьш тало воьлчахьана, дукха ахча ца дуьту банкашкахь. Россин къилбехьарчу шахьаршкахь Iалашдо. Москох, Петарбухе дIадаьхьнарш а бу. Йаккхий йоцчу харжашна банкашкахь дитинарг а, лардеш, чохь Iалашдо. Церан неIарш а, догIанаш а борзан ду. Ха а алсамдаьккхина.
Дуккха а ойла йинчул тIаьхьа Зеламхас сацам бира кIирандийнахь Соьлжа-ГIалара йармарка тало. Цига мах бан богIу гондIарчу шахьаршкара совдегарш а. ХIирийчуьра, ДегIастанара, ГIебартара, Ставрополера. Кхин генара а. Шайн товар дохка а, кхузара шайна оьшург эца а. Масех совдегар талийча а, атта гуллур ду цуьнга итт эзар туьма. Иза кIезиг хир ду. Иза нахера даьккхина ахча ду. Цул совнаха, нехан цIенош дохийна, даьхни дигна, сал-пал йаьхьна. И дерриг меттахIотто итт эзар туьма кIезиг хир ду. Лаххара а ткъа эзар туьма дезар ду.
ГIалара цхьа банк тало йеза. Уьш йиъ йу цигахь. Царах дукха ахча хуьлуш шиъ йу, боху. И шиъ мичахь йу, хаьа Зеламхина. Цхьаъ – Александран урамехь, хьолахой сакъера гуллучу гIалин бешана дуьхьал. ШолгIаниг, мацах Зеламха шен мостагI Вербицкий вен Iалашо йолуш ваханчу «Франция» отелана бухахь йу. Хьалхарниг, Азовско-Донски коммерчески банк, тало аьтто болчахь йу. Беша уллохь.
Йамарка а, банк а цхьана дийнахь талийча, Iедало орца цхьана агIор дерзийча, вукхарна шайн гIуллакх дина дIабаха аьтто хила тарлора. Амма цхьана дийнахь шина тобане бекъна гIали чу бига накъостий бац Зеламхин. Цундела йармарка хьалхайаккха сацам хилира цуьнан. Иза кхиаме чекхдаларан тешам болуш гIуллакх ду. Банкаца дерг тIаьхьа дийр ду цо.
Амма хала хир ду и Iалашо кхочушйан. Хьалха-м масех йа маситта стаг цхьаьна а кхетий, боьлхура уьш ишттачу гIуллакхе. ХIинца хала хир ду. Массо йуьртахь, некъашкахь салтий, гIалагIазкхий лаьтта. Жимма а шаьш шек болу стаг, сацавой, дегIах хьуьйсу. Лоций, вуьгу.
Цул совнаха, хьалхалера накъостий а бац Зеламхин. Ши шо гepггa хьалха цуьнца ГIизлара баханчарех а бац. Саламбек, Аюб, Абубакар, Жабраил. Кхин дуккха а. ГIизлара рейд йеш, шина отрядан коьртехь вара Саламбек а, Аюб а. Зеламха, шех санна, тешара цаьршиннах. ХIинца вац и шиъ. Кхин дуккха а.
Ярмаркера совдегарш тало ткъа стаг къастийра Зеламхас. Царах ши тоба йира. Церан коьрте уггар майра, доьналле виъ стаг а хIоттийра. Ткъа стаг цхьаьна-м хьовха, пхиппа цхьаьна гIали чу ваха а кхераме дара. Говрашкахь бахар а дихкира. ГIуллакх чекхдаьлча, говраш ярмаркехь шортта хир йу. ГIали чу хьалхарчу суьйранна даха дезар ду. Шайн хьешашкахь цхьацца-шишшаммо цхьаьна буьйса а йаьккхина, шолгIачу дийнахь базар тойеллачу хенахь билгалйинчу меттиге дIагулдала. Ярмарке ворданашкахь догIур ду, герз вордан чохь гIодмашна йа алана кIел дIа а лачкъийна. ГIуллакх эха сохьтехь чекхдоккхур ду. ТIаккха ярмарке баьхкинчу нехан говрашкахь чехкка цигара дIадовла деза. Шайн говрашна тIекхаьчча, ярмаркера лецна говраш дIахеца.
Цхьаьнакхета меттиг – Дубин-Эвлан йистехь.
Дерриг а дийцина, лерина, терзанца санна, оьзна дара. Шена накъостий къастош, Соипан цIе ца йаьккхинера Зеламхас. Цунах вас хилла, Зеламхина тIевеара иза: