– Комисси йукъахь вара хьо?
– Вацара. Сан отпуск йу. Комиссица Россе ваха новкъа ваьллера со.
– Шарль Акс вевзий хьуна?
– Селхана вевзинера. Нийсса аьлча, селхана гинера.
– Тахана байъинчу инженерашна йукъахь варий иза?
– Вацара.
– Комиссица вацара иза?
– Вара. Иза новкъа йолуш, цунах дIa a къастийна, Темирхан-Шура вигна иза. Цигара дIа БуритIа гIур ву.
ОьгIазвахана, цергаш хьакхийра Зеламхас. Михеевн нуц шен буйнахь волуш санна, сапаргIат вара иза тахана Iуьйранна. Сибрехь болчу шен доьзалца иза хийца шен Iалашо кхочушхилча санна. ХIинца и сатийсам а дIабели цуьнан. Гуттаренна ца баьллехь а, цхьана ханна. Йуха а иза лаца гIерташ, цунна тIаьхьа толлуш, лела веза. Кхин аьтто нислой а, ца хаьа. Ткъа Беци, Зезаг, бераш Сибрехь ду. Цхьа а тайпа хабар доцуш, масех бутт баьлла. Инженерашкахь карийна ахча а ши бIе шовзткъа сом бен дац. Эрна хили цо а, накъосташа а хьегна къа а, Iанийна цIий а.
– Оха тхайца дIавуьгур ву хьо, полковник. Шортта ахча лахь, маршавоккхур ву. Масала, ши эзар туьма.
– Сан дац оццул ахча. Аьттехьа а. Алапел совнаха, суна тIедогIуш цхьа кепек а дац.
– Россехь бахам буй хьан? ЦIенош, латта, даьхни?
– Иза а, важа а дац. Со помещик вац.
– Мел ахча далалур ду хьоьга?
– Итт-ткъа туьма.
– Гергара нах, доттагIий буй хьан?
– Бу. Со санна, къен. Къена а.
– Аьшпаш буьтту ахь, полковник. Къен оьрси хьан дарже лакха ца воккху шун паччахьо. Хьолахо бен. Къен оьрси салт воккху. Хьан ахча ду. Россехь бахам а бу. Цул совнаха, кхузара ламанхой къинхетамза талабо аш. Тиша шарбал йуьйхина, Россера кхуза веана эпсар, цхьа шо далале, эла санна, кечло. Хьайн хьаькаме, гергарчу нахе, доттагIашка кехат йаздийр ду ахь. Цхьа бутт балале Зеламхина ши эзар туьма тIе ца кхачадахь, хьан корта боккхур болуш бу цо аьлла.
Кхузахь бекъа кхача а биъна, цхьана сохьтехь говрашка са а даIийтина, новкъа бевлла уьш МакIажа кхочуш, эвла йистехь гулделла дуккха а адамаш гира царна. Цаьргара шайна новкъарло хир йу бохург дага а ца догIу Зеламха, шек а воцуш, тIевахара царна.
Лаьмнашкахь дукха йарташ йу тогIешца йаьржина. Йарташ ала йаккхий а йац уьш. Уггар йоккхачу йуьртахь бIе сов кIур хуьлу. Царна тIедоьлху некъаш хала ду. Амма миччахь а цхьанхьа, мел генахь а хилларг, телеграф санна, хIора йуьрта дIакхачадо. Къоьзан-Iомана а, Ботлихе боьдучу некъана а гена йац МакIажа. Цундела макIажошна уггар хьалха хиънера тахана некъа тIехь хилларг.
МакIажоша дукхазза а дуьхьало йинера Iедална. ХIокху Ведана- округехь уггар къармазечу йартех коьртаниг лорура иза Iедало. Кхузара дуккха а нах – къаьст-къаьстина а, доьзалшца а – Сибрех бахийтинера. Цхьаберш цигахь беллера, важаберш хан йаьккхина а, бевдда а, цIа бирзинера. МакIажошна хаьара, Зеламха шен тобанца шайн йуьрта гIуртур вуйла. Иза чувитича, цуьнан тIaьхье муха хир йу, хаьара. Iедало луьра таIзар дийр дара йуьртана. Царна ца лаьара, шайн бехк-гуьнахь а доцуш, йуьртана бохам хуьлийла. Цундела МакIажан йуьртдас Муслос йурт гIаттийра, Зеламха цига гIортахь, иза йуьрта ца вита.
Зеламха шен тобанца тIекхаьчча, некъ лецира макIажоша. Царна хьалха лаьтта Зеламхина вевза Мусло а, ЯсаI а, Iyмap а, кхин масех стаг а.
– ХIей, Мусло! ХIун ду аш лелориг? Тхуна некъ хIунда ца буьту аш?
– Тхан йуьрта чу вогIур вац хьо, Зеламха!
– ХIун ду? Тхуна бихкина-м бац хIара некъ? Йа Iедалх кхераделла шу, йа цунна дохкаделла шу?
– Тхо кхераделла а, дохкаделла а дац, Зеламха. Тхан дуккха а нах Сибрех бахийтина. Дуккха а цигахь белла. Тахана а цигахь хан токхуш а бу. Цхьаберш хьо бахьанехь а лецна. Хьо йуьрта витиний хиъча, Iедало бохам бийр бу тхуна.
– Шайна дов ца дезахь, новкъара дIадовла!
– Девр дац. Тхан декъашна тIехула девлла бен йуьртахула чекхдевр дац шу.
Зеламхас ойла йира. Шеко йацара, Муслос и нах цунна дуьхьал карзахбаьхна хиларан. Дукхахболчаьргахь герз ду. Церан бертаза йуьрта гIортахь, хьанна хаьа, цхьана Iовдало герз тухий а. ТIаккха хIокхара дIатоха а деза. Вер-ваккхар хир ду. Ткъа хIокху нахах дуккха а Зеламхина бевза. МакIажа а, Хорача а лулахь ма йу. Йуккъехь гергарлонаш а ду. Дуккха а мостагIий бу Зеламхин. Стенна оьшу цунна керла мостагIаллаш? Амма хIара Мусло боху зуд таIзарза дуьтийла а йац.
Урх йуха а узуш, говран чоьже кIажаш таIийна, иза тIаьхьарчу когашна тIе а хIоттийна, дIакхевдина Муслон коьртах шед туьйхира Зеламхас. Муслос, хумпIара чуьра схьайаьккхина, Зеламхина тIе тапча лецира, амма иза лаг оза кхиале, Бетарсолтас, ка тоьхна схьалаьцна, цуьнан пхьарс хьалаберзийра. Йаьллачу тапчанан дIаьндарг хIаваэ хьалайахара. МакIажой а, шен накъостий а чуьччагIоьртича, Зеламхас мохь туьйхира: