– Паччахьан Iедалх нохчийн халкъ маьршадаккха.
– ХIета, обарг хила ойла йу-кх хьан? Обаргана цхьа а дешар ца оьшу! Цуьнан ишкол хьаннашкахь, лаьмнашкахь йу. Соьца дIавола, ас Iaмop ду хьуна тIеман дешар.
– ХIан-хIа, обарг хир вац со. Обаргашка маьршадаккхалур дац нохчийн халкъ. Уьш кIезиг бу.
– Ахь хIун дийр ду ткъа?
– Дерриг халкъ, ламанан дерриг а халкъаш а гIовттийна, Шемал санна, церан коьрте хIуттур ву со.
КIант, шена тIе а озийна, маракъевлира Зеламхас.
– Борз хир йу хьох, Асланбек! Амма дерриг а ламанан халкъаш а гIовттийна, ткъе пхеа шарахь тIом бинчу Шемале а ца эшаделла паччахьан Iедал. Цуьнан хьаькамаш байа беза. Кхин некъ бац…
Пхьор диъначул тIаьхьа шен гIуллакх дийцира Зеламхас:
– Полковник Добровольский хьакха дара. Полковник Галаев уггар къиза экха дара. Дудников чагIалкх йу. Амма цара а, кхечара а, шаьш со вен гIертахь а, цхьаммо а со сийсаз ца вина. Суна, зуда йу, кIилло йу, ца аьлла. Царна хаьара, со кIилло баба йоцийла. Ткъа Вербицкий бохучу оцу кхахьпано, со кIилло баба йу аьлла. Аьлла а ца Iийна. Газет тIе а йаздина, йерриг Россехула дIакхайкхийна. Ас хоуьйтур ду оцу зуьдана, со кIилло баба йоцийла! Сан цIарах жоп йазде оцу кхахьпане. Иза газете дIало. Вербицкийн кхайкхам санна, йерриг а Россина довзийта. Со цхьаъ цхьаннах лата вер ву цуьнца. Сайца цхьа а накъост а воцуш. Цо къасттийнчу герзаца. Тешнабехк, йамартло ца йан ас Къуръан тIехь чIагIо йо, ала. ХIинца Вербицкийс санна, соьга цхьаъ а дийцина, Дудниковс суна йина йамартло а йазйе. Нагахь санна изза йамартло йан Вербицкий гIертахь, чекхйер йоцийла а хаийта. Лата меттиг а, хан а йилла, боху цо соьга. Сан жоп цуьнга дIакхаьчначул тIаьхьа xIopa оршотдийнахь делккъалц ас иза ларвийр ву Веданна кхо чаккхарма генахь, хьуьнхарчу ирзохь. Цхьана баттахь ларвийр ву. Дудниковна хаьа, и ирзо мичахь ду. Дудниковс гойтур ду цунна и ирзо. Цигахь къастор ду, ала, тхойшиннах кIилло баба муьлха йу. Ас вуьйр вац иза цигахь. TIepa шарбал а йаьккхина, ваIа а ваьIна, дIахоьцур вy! Ша дуьнен чохь йоккхучу хенахь шеца и эхь лело!
Зеламхина луург оьздачу гIиллакхехь дерриг дIа а йаздина, кехат конверта чу а диллина, тIехула «Терк» газетан адрес йаздира Деналбека.
– ХIapa кхана почте дIалур ду ас, – элира цо. – Лама газете дIакхочур ду. Газетехь болх беш суна бевзаш накъостий бу. XIapa газет тIехь зорба тохар доьхуш, цаьрга кехат а йаздийр ду ас. Амма, Зеламха, и атаман хьох лата вогIур вац.
Цецваьлла Зеламха, къаьрззана Деналбеке хьаьжира.
– Ой, хIунда ца вогIу? Цо газет тIехь аьлла дош?
– Вайца бинчу бартах а, деллачу дашах а бохар цара цхьана а хьесапе ма ца лору. Царна адамаш ма ца хета вай. Церан хьесапехь вай туземцаш, разбойникаш, акха адамаш ду.
– Ткъа газет тIехь соьга и кхайкхам хIунда бина оцу зуьдо?
– Ша зуд долу дела. Уггар хьалха – хьо сийсазван, бехван, адамийн хьох безам баккха, цабезам кхолла. ШолгIа, Iедална а, адамашна а хьалха ша майра стаг, къонах хила, шен цIе хастаме йаккхийта. КхозлагIа, хьо оьгIаз а вахийтина, собарх а вохийна, хьоьгара гIалат а далийтина, хьо хIаллакван. Кхин Iалашонаш а хир йу оцу мекарчу цхьогалан.
– Сох лата ца вагIахь, шена кIилло аларна ца кхоьру иза?
– ХIан-xIa. Цунна эзар бахьана карор ду шен дош йухаэца, кIелхьарвала.
Деналбекан хIусамера дог доьхна дIавахара Зеламха. Ма тамашийна ду хIара паччахьан Iедал. Кхин а тамашийна – кхуьнан хьаькамаш. Къиза. Стешха. Йамарт. Зеламхас, шена маршо йоьхуш, кехат йаздинера областан сардале. Ахь Iедална а, адамашна а даккхий зуламаш дина, Iедалан законашца хьуна луьра таIзар догIу, цунах кIелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна, паччахьан къинхетаме дог дохийла йац хьан аьлла, жоп делира сардала. Масех бутт хьалха Пачхьалкхан Думе кехат йаздира цо, ша обарг валаран а, шен доьзална хиллачу бохамийн а бахьанаш дуьйцуш, ша хIокху исс шарахь бина хала некъ а, кхузарчу Iедало шена а, нохчийн халкъана а тIехь йина харцонаш а йуьйцуш, шена маршо йоьхуш, ша бахьана долуш лецна, Сибрех бахийтина бехк-гуьнахь доцу адамаш даймахка цIадерзор доьхуш. Оцу дехарна а жоп ца делира. Цхьана газето и кехат зорба тоьхна бохуш, хезнера Зеламхина.
ХIинца цунна тIаьхьа талла чагIалкхийн арданг хецна. Масех эзар салти а, гIалагIазкхи а. Иза вен. Цуьнан накъостий байа. Цуьнан доьзал схьалаца. Иза Сибрех бахийта. Бехк-гуьнахь а доцу эзарнаш адамаш махкахдаха. Йарташ йохо, йаго, тало. Ткъа цхьанххьара а орца дац гуш. Цхьа Дела воцчуьнгара, орца хир дац цунна. Цо гIо дийр ду Зеламхина мостагIашца къийса, царах бекхам эца. Ницкъболчу Делан гIоьнца Зеламхас бекхам оьцур бу оцу Делан мостагIех. Уггар хьалха оцу Вербицкий бохучу стешхачу зуьдах…
2
Вербицкийн кехат зорба тоьхнера черносотенни «Теркан ведомосташ» газето. Зеламхин кехат оцу газето зорба тухур ду бохучуьнга дог дохийла а йацара. Цундела хIетахь мелла а либерале долчу «Терк» газете дахьийтира Деналбека Зеламхин кехат. Революци хьаьшначул тIаьхьа йерриг а Россехь карзахйаьллера реакци. Жимма а демократин хьежамаш болчу газето Iедалан политикина дуьхьал, халкъехьа гIо доккхуш дош аьлча, иза дIaкъовлура йа лан ца даллал гIуда тухура. Цундела, шена мел чIогIа лаахь а, «Терк» ца хIоьттира Зеламхин кехат зорбане даккха. Амма цо шен ницкъ кхочург дира. И кехат Вербицкийга дIакхачийра.
Областехь низам хIотто ша кхуза кхайкхича, Вербицкий догцIенна тешна вара шен ницкъах а, хьекъалх а, Пятигорски отделехь революци хьошуш а, ДегIастанахь обаргашна тIаьхьа толлуш а, шена зеделлачух а. Цундела цо сацам бинера хьаннашкахь гIa далале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь обаргашца дерг кхузахь чекхдаккха.
Хаси-Юьртан округехь гIуллакх иза реза волуш дIадоьдура. Хорунжис Яицкийс цигара схьа хаам бинера, меттигера набахти тутмакхех йуьзна, лоьцу нах чубохка меттиг цахиларо шен болх сацийна, суьдо кхел йина, хенаш тоьхна нах цигарчу набахтера дIа а бахий, лагершка дIахьовсо гIайгIа бахьара бохуш. Ткъа Вербицкийс шен рогIехь и дехар Михеевга дIакхачийнера.
Аренца а, лаьмнийн когашкахь а йолчу цхьацца йарташкарчу бахархошкара герз дIадоккхуш а, дикка кхиамаш хиллера отрядан. Амма цуьнан коьрта Iалашо – лаьмнашка операци – хIинца а йолоза йара.
Областан куьйгалхой а, отрядан командираш а, бIаьхой а иракарахIиттош килсехь а, зорбанехь а пропаганда лелайора Соьлжа-ГIалин килсан мозгIара протоиерейс Поповс. Англи-пачхьалкхан бахархойх 88 процент инородцаш, колонешкара къаьмнаш ду, бохура мозгIара. Ткъа Францин – 50 процент. И инородцаш ворхI хIордал дехьарчу колонешкахь беха. ХIетте а, англичанаша а, французаша а и бIе миллионаш туземцийн бахархой, цхьакIеззигчу полицейскийн ницкъашца церан къамкъаргаш буйна а къевлина, цаьрга къикъ ца олуьйтуш, шайн колонешкахь чIоггIа низам латтадо. Россин пачхьалкхехь оьрсел дуккха а кIезиг бу инородцаш. Церан махкахь а инородцел дукха бу оьрсийн бахархой. Инородцаш вopхI хIордал дехьа генахь а бац, оьрсийн Iедалан мера кIел бу. ХIетте а, инородцашна тIехь колонешкахь Iедал а, низам а ца латтало Россига. Беламе хIума ма ду иза! Оьрсий тIех догдика, къинхетаме, догкIеда адамаш ду. Инородцашна ницкъ ца беш, ассимиляци, русификаци йан гIерта. Иштта нисделча-м, Дела реза хир волуш гIуллакх дара иза. Хенан йохалла Россера кхидолу къаьмнаш ассимилировать даре, оьрсийн культуре дерзадаларе дог дохийла йу вайн. Амма и дог дохийла йац вайн Нохчийчохь. ХIapa нохчий, хIокхара шаьш бусалбанаш бу бахахь а, цхьа а дин доцуш, язычникаш ма бу. ХIорш цхьа а Iедал ца дезаш, анархисташ а, разбойникаш а ма бу. ХIокхарна шед оьшу. Шед тоьхча тIе ца воьрзучунна хье йуккъе топ тоха. Йа, Iоттий, некхах чекх цхьамза баккха. Ассимиляци, русификаци йан лаьий шуна? Лаахь, нохчий махках а бахий, Сибиран тайгахь, тундрехь, Йуккъерчу Азин гIамарийн аренашкахь пхиъ-итт доьзалш бен цхьаьна ца буьтуш, тIо санна, баржабе. ТIаккха когаш хецна кхузахь маьрша бехар бу оьрсий.
Тахана цкъа гIуллакх дика дIадоьдура Вербицкийн. Дийнахь сарралц болх кхехкара цуьнан штабехь. Рапорташ, донесенеш схьакхоьхьуш а, омраш дIакхоьхьуш а геланчийн могIа хуьлура. Наггахь отрядаш йолчу воьдура Вербицкий. Амма буьйсанна ша-шена мукъа хан лора цо, болх штабан начальникана капитанна Вобицна тIе а буьллий. Буьйсанна тIаьххьалц сакъоьрура, тIаккха садоIура. Соьлжа-ГIалахь цунна чIогIа йезайеллера эпсарийн клуб. Цигахь мехкарий а, халхарш а, дика даарш а, маларш а хуьлура. Уьш кIордийча, эпсаршца кехатех ловзура.
Тховса самукъане вара атаман. Кхаа эпсарца кехатех ловзуш, массо а болехь кехат дика долура цуьнан. Ларамаза тIекIелкхийсинчу кехатийн ахчанийн оьла йара цунна хьалха. Стоьла тIехь хIоттийна бокала чохь, суйнаш туьйсуш ловзуш, шампански чагIар а, схьадиллинчу даточу гIутакх чохь уггар дика цигаьркаш а йара. Уллохула дIасабовлучу мехкаршка бегаше дешнаш а кхуьйсура цо. Цхьаболу эпсарш, уллохь совций, къамеле бовлура цуьнца.
– ТIаккха, господин атаман, хьан кехатана жоп деллий Зеламхас?
– Делла.