20 октябрь. Iаьмар-Хьаьжин-Юьртара Кахановски станице цIа вогIучу Лужнов Василийна а, Андрийн Касьянна а тIе а летта, говраш а йохуш, ахча а доккхуш, уьш талийна кхаа нохчочо.
Оццу дийнахь йалх нохчочо, говраш а, ахча а, бедарш а, карахь мел дерг а дIа а доккхуш, талийна Якушенко Семен, Тихоненко Никита, Бабилуров Федор, Батыров Владимир. Зуламхойн лар Гуьмсе йахана.
АллахIа шуна гIо дахь, цхьаьнгге а толам баккхалур бац шуна тIехь, амма Цо шу дIатасахь, мила ву шуна гIо дан?
Къуръан. 3 Сура, 160 айат
1
Йуьстахара тIехьаьжча хеталора, БуритIахь хилла гулам, цуьнан дакъалацархоша шаьш дага а бевлла, шайн дIадолорца бина. Амма гуламан болх чекхбаьллачу шолгIачу дийннахьехь областан администрацин канцелярехь болх кхехка боьлча, и гулам цуьнан куьйгашца вовшахтоьхначух тера хетара. Хинйолчу драмин сценарий хьалххе йазйинера. Билгалйинера лерина йиъ отряд. Партизански цIе йолуш дошлойн отряд а, таллархойн цIе йолуш гIашлойн кхо отряд а. Уьш эскадронашка а, роташка а, взводашка а йекънера. Царна оьшу герз, духар, говраш, ворданаш кечйинера, могIарерчу салташна а, эпсаршна а алапаш а, йукъара харжаш а билгалъеш смета, операцин план, карта хIоттийнера. Округашкарчу участкийн пурстоьпашка а, отделашкарчу станицийн атаманашка а хьалххе хаам беш тIедиллинера таллархойн ханна отрядашкахь гIуллакх дан лаамхой лахар а, дIайазбар а. Отрядана инструкцин а, областан начальникан омрин а проекташ а кийча йара. Отрядийн командираш а, эпсарш а билгалбевллера, амма оцу драмин коьрта турпалхо, эскаран старшина атаман Вербицкий, схьакхачаре ладоьгIуш, гIуллакх нахала ца доккхуш, таIийна латтадора.
Ткъа и атаман Вербицкий а областан администрацис ша лехна а, карийна а, цуьнца хьалххе барт бинчул тIаьхьа хьолахойн гуламна къайллах дIагайтина а вара, и кандидатура гуламан йолчуха цуьнан цIе йаккха аьлла. Атаман Вербицкий а кийча вара кхуза схьаван, амма сихха гучувалар гайтина дацара сценари тIехь.
Хьолахойн гуламе сацам ца байтича а, шега дехарш ца дайтича а, кху областехь шена луург дан йаккхий бакъонаш ма йара инарла-губернаторан Михеевн. Хетарехь, нагахь санна оцу операцин тIаьхьало бохаме йерзахь, ша цхьаъ бехке ца хила, декъашхой безаш хилла хир вара иза. Йукъараллин дехаршца динера ала. Ткъа операци кхиамца чекхйалахь, хастам уггар хьалха цунна шенна буьсура.
Гулам хиллачул тIаьхьа цхьа кIира даьлча, БуритIа схьакхаьчна Вербицкий, хьем ца беш, сихха тIеийцира Михеевс. Атаманах бIаьрг ма-кхийтти, хиира инарлина иза ша лоьху стаг хилар. Лекхочу дегIахь, зоьртала. Шуьйра, охьахьаькхна белшаш. Хьакхийчух тера морса, ирахIиттина Iаьржа месаш. Готта хьаж, мера тIехула вовшех хоттаделла бурсане, морса цIоцкъамаш. ГIеххьа воьда, шуьйра, йаккхий мераIуьргаш йолуш, азиатийчух тера мара. Стаммий балдаш, мукадехкачух тера ира, кегий, Iаьржа цергаш. Деха пхьаьрсаш, пIелгаш тIехь хьийзина Iаьржа чоьш долу даккхий куьйгаш. Амма доллучул а тамашийна дара къорза, кегий, горга бIаьргаш. Наггахь бен бIаьрнегIар ца тухуш, лаьхьанан санна, хIиттина. Хьастаме, йишхаьлла аз.
Цуьнан аматашка бIаьрг тоьхча, масех амал гора оцу стагаца. Аьрта хьекъал, экханан майралла, къизалла, мекаралла, сутаралла. Чан, берзан, цхьогалан, зуд-жIаьлин, лаьхьанан амалех кIез-кIезиг йара оцу шовзткъа шарал хьалаваьллачу стеган дегIаца.
Атаманна реза хилла инарла, ши куьг вовшах а хьакхийна, месала-хьаьрсачу мекхашна бай хьажо пIелг а хьаькхна, халла хаалуш велакъежира:
– ХIета, атаман, ас дахдеш цадийцарх, хьуна хаьа кхузара криминальни хьал. Хьан а, отрядан а декхарш лерринчу инструкци тIехь оха йаздинехь а, хьоьца хьайцца къамел дан лиъна суна. Уггар хьалха хьо кхеташ хила веза отрядана хьалха лаьттарш державина Iаламат доккхачу маьIне декхарш хиларх. И декхарш аш кхиамца кхочушдарх доьзна хир ду хIокху областехь а, Къилбаседа Кавказехь-м хьовха, йерриг а Кавказехь а машар, синтем хилар. Зуламийн хьостанаш Ведана, Соьлжа-ГIала, Несара, Хаси-Юьрта округашкахь ду, ткъа зуламхойн бен – Ведана-округехь. Цигара дIа йерриг а Кавказе даьржина и Iаьржа ун. И зуламаш орамашца бухдахарца тIаьххьара а, гуттаренна а совцор, зIийдиг таса хIy цадитар – и Iалашо йу хьуна а, хьан отрядана а хьалха хIоттийнарг. Уггар коьрта Iалашо йу оцу зуламхойн корта атар – Зеламха а, цуьнан обаргийн гIepa а, царна гIoдийриш а, уьш тIелоьцурш а, къайлабохурш а, цхьаъ ца вуьтуш, байъина, лецна дIабахар.
– Хьан локхалла, отрядан ницкъаца кхочушдалур дуй-те и Iаламат доккхачу маьIне а, жоьпалле а декхар?..
Михеевс, шен карара къолам стоьлах а тоьхна, йукъахваьккхира атаман:
– Цуьнан ойла а йина оха. Хьан куьйгалли кIел дало областера дерриг а эскарийн дакъош а, округийн начальникаш, отделийн атаманаш, участкийн пурстопаш, станицийн атаманаш а. Хьайна эшначохь соьгара бакъо, пурба ца хоьттуш, рота, батальон, полк, бригада а, артиллерин батареяш а дIайига бакъо йу хьуна. Меттигашкарчу администрацешна тIедиллина хьан отрядана транспорт, кхача, говрашна докъар, хIоъ латтор. Цундела хьайна тIедехкина декхарш кхочуш ца дан, ницкъаш бацара аьлла, йа кхин бахьанаш далийна, бехкана кIелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна. ХIинца, шун бакъонех дерг аьлча, хьуна оха ло законехь нийса йогIу йерриг а бакъонаш. Шуна бакъо ло лакхахь цIераш йаьхначу йеа округерчу туземни бахархошкара герз дIадаккха Iедалан балхахь болуш герз лело Iедало бакъо йелла боцчу берриг а бахархошкара. ЦIийнах хьовсуш а, некъахошкара а. Ира герз дита мегар ду Iедална хьалха цкъа а бехке ца хиллачу, Iедална тешаме болчу нахехь. Шаьш операци йолайале дIахаийта оцу деношкахь йуьртара арадовлар царна дихкина хилар, разбойникаш къайлабаьхначунна, уьш схьабала, герз схьадала, шайн омра кхочушдан дуьхьало йинчунна, вада, къайлавала гIоьртинчунна шаьш герз тIетухург хилар. Ткъа цхьаболчарна, церан бехке хьаьжжина, гIуданца, долалла дIадаккхарца, набахти чубохкарца, Сибрех бахийтарца таIзарш дийриг хилар. Йукъара аьлча, ахьа а, отрядийн эпсарша а дIа мел боккху ког, олу дош, цкъа хьалха дика ойла йина, гIалатех ларлуш, бехкечарна деш долу таIзар законаца догIуш хила деза. Амма бахархоша Iедало, законо бохург дан дуьхьало йахь, царна къинхетамза, луьра таIзар дан бакъо йу шуна. Отрядийн командираш оха билгалбина, амма цаьрца хIоранца ахь къамел дина, хьо резахиллачул тIаьхьа бен уьш чIагIбеш омра арадоккхур дац. Отрядашка тIеоьцу нах а массо а агIор теллина, вайн гIуллакхна жоп луш хила беза. Уьш къастор а, тIеэцар а хьуна а, отрядийн командирашна а тIедуьллу. Царах жоп а шуьга доьхур ду. Инструкци сан гIоьнчера схьаэца. Хаттарш дуй хьан?
– Дац, хьан локхалла.
– ХIета, Дала аьтто бойла хIара вайн гIуллакх чекхдаккха!
Атаман ца кхеташ, хеттарш дан хIумма а дацара. Инарлас цунна бакъо йеллера, шена луъу бахьана а хIоттийна, туземцашна йетта а, леца а, байа а, йарташ йохо а, йаго а, тало а. Ткъа атаман оцу гIуллакхан воккха говзанча ву, цхьаммо а хьеха ца оьшуш!
2
Инарла-губернаторца къамел хиллачу шолгIачу дийнахь Соьлжа-ГIалахь таллархойн ханна отрядан коьрта штаб а йиллина, цхьа де а тIаьхьа ца тоьттуш, болх дIаболийра Вербицкийс. Отряде лаамхой тIеэцар а, де билгал а доккхуш, официале доцуш, участкийн пурстопашкахула, станицийн атаманашкахула хьалххе дIакхайкхийнера Теркан а, луларчу а областашкахь. Цундела штаб болх бан йолаеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна, тIаьхье ца хедаш, кхуза схьаоьхура отрядехь гIуллакх дан луурш. Йуьхьанца Вербицкий ша вуьйлира уьш тIеэца, амма цхьа-ши де даьлча, и болх битира цо. Цкъа-делахь, оцу балхана дуккха а хан йезара, иза цуьнан йацара, шолгIа-делахь, уьш кхузахь къестош къахьега а, хьекъал а ца оьшура. Схьа мел вогIург хIокху отрядана вича санна вара. Эскарехь гIуллакх дечу хенахь маларе йа кхаьънашка марзбелла, йа шайх тешийна эскаран долалла кехатех ловзийна, йа кхахьпалла лелош гучубевлла доьзалех боьхна, йа кхечу бахьанашца эскарера мукъабаьхна, болх боцуш лела эпсарш, полицейскийш, уголовникаш, мошенникаш, бродягаш, маларчаш, къуй, талорхой бара схьаоьхурш.
Цаьрга хеттарш деш дукха хан а ца йойура штабехь. Массаьрга а хоттуш дерг цхьатера дара:
– Эскарехь гIуллакх деш хиллий?
– ТIамехь дакъалаьцний?
– Революцин бунташ хьошуш дакъалаьцний?
– Герз тоха говза вуй?
Цхьаболчаьрга и хеттарш а дора бахьаненна. Аматашка, сибаташка хьаьжча а хаьара, уьш муьлш бу. Йуьхьа тIехь муо, дукъ кагдина разбаьлла мара, некха тIехь а, пхьаьрсаш тIехь а татуировкаш, къух даьлла накхош. Маларо цIийдина, кIел хIоьънаш хIиттина бIаьргаш. Iаьржа а, можа а баьхьанаш санна йаккхий цергаш. Шимпанзечух тера деха пхьаьрсаш. Царах цхьа битам хилча тоьура и лаамхо отряде тIеэца. Цхьаболчара шаьш эскарехь, полицехь гIуллакх деш а, тIамехь а шайгара девлла хьуьнарш дуьйцура. Оьрсийн-японийн тIамехь дийнна рота йа батальон самурайш, камикадзеш байъинарш, йа дийна йийсаре балийнарш а бара. Полицех, йа балхахь болуш иттаннаш зуламхой лецнарш а бара. Зеламха а, цуьнан обаргийн гIера а хIаллакьйар йа, букъа тIехьа куьйгаш а дихкина, схьайалор шайна хIумма доцург ду, олура. Дерриг а дозуш хир ду ахча дукха-кIезиг даларх. Цара дуьйцург бакъдоцийла хаьара атаманна, амма кхузахь коьртаниг уьш къиза адамаш хилар дара, ахчанах шайн да-нана а дуьйр долуш.
Михеевн пурбанца Вербицкийн наха болх бира набахтешкахь. Таллархойн отрядехь доггаха гIуллакх дан реза болу зуламхой маьршабохура таIзарх.
Таллархойн ханна отряд йерриг а оцу тайпачу, зуламалла цIийх доьллачу нахах вовшахтоьхна йара аьлла, чIагIдар а нийса хир дацара. Дукхахберш ишттанаш белахь а, кхин масех тайпа нах а бара отрядехь гIуллакх дан богIуш. Баккъал а паччахьана, даймахкана доггаха гIуллакх дан лууш богIурш а бара. Нохчаша талораш дина, бахамах бохийнарш а, да, кIант, ваша вийна, бекхам эца, чIир йекха богIурш а бара. Ресторанашкахь самукъадоккхуш, кехатех ловзуш, зударшца сакъоьруш, кисанаш дассаделларш а бара, отрядехь гIуллакх дарца и даьсса кисанаш йуха а дузаре догдохуш. Доцца аьлча, отряде йазвелла хIора а лаамхо кийча вара йолах нохчий байа.
Лаамхо талламах чекхваьлча, йозанца тIелацам бойтуш, куьг йаздойтура цуьнга: