– Иттех шо хьалха, кIотарш а йохош, цкъа цигара нохчий дIабехира Iедало. Нехан цIенош вовшах а дохуш, мегаш болу гIирсаш гIалагIазкхашна боррах дIабухкура, ткъа пайде боцург, цIe а тосий, багабора. Гонаха салтийн ха а xIоттина, хьаладалийра тхо. ХIетахь сан аьтто хилира тхайн цIенош дийна дита. Тхан хьешаша, гIалагIазкхаша, тхан цIенош шаьш мах белла эцна, элира Iедале. Цхьа хан йаьлча, и гIуллакх дIатийча, цига йухаверза ойла йара сан. Кхин ваха меттиг бацара. Хала-м дера дара цигахь. Нохчаша шалха налогаш токхура. Шаьш гуттаренна а дIайазбинчу йарташкахь а, цигахь шаьш цхьана ханна бехаш болчохь а. ХIетте а, хьалавеана, кхузахь цхьа шо а даьккхина, тхешан доьзалшца йуха а цига дIавахара со. Шина гIалагIазкхичо, цхьа хьостам а гал ца болуьйтуш, лардинера тхан цIенош. Ши-кхо шо а делира Iедало тхуна новкъарло ца йеш. Цхьа хаза бахам а тарбеллера тхан. Даьхни а IаьIира. Биъ сту а, кхаа шаре йолуш шиъ старгIа а, биъ йетт а, цхьа говр а йара тхан. Деле тхаьш лардар а доьхуш, ма-хуьллу Iедалх а къехкаш, дийнахь-буса а бохург санна, къахьоьгура оха. Амма диъ шо хьалха цигара кIотарш йуха а йохо йолийра. Сан хьеший мел дика хьийзарх, хIинца цаьрга а ца ларделира тхо. ДогIанаш, ткъевнаш йолу хан йара иза. Оцу доьхначу некъашкахула хьалакхалха ницкъ бацара тхан. Кхораш санна, кегий бераш дара шина а кIентан. TIе, Теркана ша баллалц цигахь дитахьара бохуш, оха а, тхан хьешаша-гIалагIазкхаша а дехарш деш, Iаьнна кIел дахара тхо. Дуьххьара ло ма-диллинехь, шеца герзашца гIалагIазкхий а балош веанчу йуьртдас, цигахь атаман олу цунах, кхо де далале кIотар дIа ца тасахь, шаьш цIенош дагор ду, элира тхоьга. Цара къинхетамза иза дийр дуйла, хаьара суна. Иза дина меттигаш дукха йара. КIелхьардовла цхьа а некъ бацара. Тхешан сал-пал стерчийн шина салаза тIе а йоьттина, тIехула тIе бераш а ховшийна, болх Далла тIе а биллина, новкъа девлира тхо.
Мусхас дуьйцучуьнга ла а доьгIуш, цуьнан тоьлане бIаьрг беттара Iелас. Схьайиллина разйаьлла кхозучу неIарехула дIахьаьжча, поппаран маьнга а, цунна тIехь йаржийна тиша кетар а, сонехь хIоттийна берданга а гора. Арахь, кхо тIулг а хIоттийна, бинчу кхерча уллохь бертал тоьхна Iуьллура тIехула кIуьрзан кховр лацаделла чуьйнан горга йай а, тIехь сискал йатта тойина тIулган йуткъа экъа а.
– Жимахволчу кIентан кIант сайна тIехьа говра а хаийна, даьхни лаьхкина хьалха вогIу со, суьйранна Теркана гергагIоьртича, шина кIанте дохне хьажа а аьлла, гечо лаха хьалха дIaвaxapa. Теркан йистонца дIасаваьлча, ша тIехула дехьайаьллачу берзан лар карийра суна. ТIехьа хаийна жима кIант а волуш, говрахь ша тIехула цкъа Теркал дехьа а, йуха сехьа а ваьлла, шан чIогIалла зийра ас. Буто бацахь а, тоъал чIогIа бара иза. Ша мела хилча, борз йер ма йацара цунна тIе. Со цигахь лаьтташ, салазаш а тIекхиира. Салазаш тIейахале, йуха а цкъа ша зерхьама, даьхни хьалха а лаьхкина, дехьавелира со. Ша ца кагбелира. Сехьадовла аьлла, со волчуьра дIа шина кIанте куьг а ластийна, нацкъар дIахьаьддачу старгIина тIаьхьа говр хаьхкина воьдуш, тIе цкъа цхьа хIума эккхаш санна тата а, тIаккха цхьа Iадийна маьхьарий а хезира суна. «Дада, ша кагбелла!» – мохь белира суна тIехьарчу кIентан. Йухахьаьжначу суна гинарг ма гойла сан мостагIчунна а… Йоккха йукъ дIалаьцна кагбелла ша, тIедаьлла буркъаш туьйсу хи. Чуханашца тIе йалта чохь долу галеш къевлинчу салазаша хи буха ийзош деттало стерчий. Шайн нана а, бераш а кIелхьардаха гIерташ, бIарзвелла хьийза ши кIант. Сайн кадаьлларг кIелхьарваккха, вагийча санна, дIахьаьдира со. Мичара! Со тIекхачале и шийтта адам а, биъ сту а, ши салаз а дIа а хуьйдина, жижигах дуьзна там хилла экха санна, буркъаш туьйсуш, керчаш дIаоьхура буьрса Терк…
Мусхас шен къамел сацийра.
– Ткъа и висина кIентан кIант вуй хьоьца? – хаьттира Iелас.
Мусхас доккха садаьккхира.
– КхидIа дийца гуттар а хала ду, Iела. Цундела сацийра ас сайн къамел.
Макхйелла, хьацар тоьхна, гIайгIано хьарчийна цуьнан йуьхь тера а йацара цхьа сахьт хьалха Iелина гинчух.
– Цкъа ойла хилира сан, Терка чу а иккхина, велла дIавала, – цхьа хан йаьлча кхидIа дийца вуьйлира Мусха. – Нека хууш а воцу, тIехула тIе, къена со, хи чу ваьлчахьана, велла ма вара. Iожалло бен йойур йацара сан кийра боттуш кхерста цIе. Айса со а вийна, и инзаре доккха къа а, эхь а тIеэца сацам хилира сан. Ша тIе а даьлла, даьржинчу хи чухула со дIавоьдуш, хIун дара а, хаац, цIеххьана йухахьаьжира со. Воьлхуш йиш хаьлла, ша-шех кадетташ, хийистехула дIасауьду кIант гира суна. ТIаккха цIеххьана, сан дагара хиъча санна, ши куьг хьалха а кховдийна: «Вай, дада, со ма витахьа», – аьлла, шийла мохь хьаькхна, ша тIехула гомха долчу хи чухула суна тIаьхьахьаьдира иза. Оцу маьхьаро ойла йайтира соьга. Хилларг хилла ма даьлла. Оцу шийттанна тIаьххье со ша кIел хи чу эккхарх, нисдала хIума ма дац. ХIара буо сол тIаьхьа дола дан верас воцуш ма дуьсу. Хиллачу бохамах кхетча санна, маьхьарий хьоькхуш, Iоьхуш хьийзара даьхни а. Со шена тIевеача, къаьрззина соьга а хьоьжуш, кIегаргIертара кIант. TIaьxьa xиира суна, и цецваьккхинарг хIун ду. Цхьа сахьт хьалха Iаьржа хилла сан кортий, мажжий, ло санна, кIайделлера. Чу алу йоьхкича санна, кийра богура. ХIун дан деза ца хууш, корта хьере хиллера. Орца ала гергахь йурт а йацара. Орца кхаьчча а, цо хIyн меттахIоттор дара? Ша кIел дахана шийтта адам денлур дацара, гIоьнна дерриг дуьне деача а. Декъий схьакарорга дог дохийла а йацара. Буьйса тIекхечира. Жимма са меттадеача, даго цхьа некъ а хьоьхур бацара-те аьлла, цигахь буьйса йаккха сацам хилира сан. Цу тIе, дийнахь сарралц некъ бина даьхни а ма дара кIадделла, мацделла. Сайна бохам хиллера аьлла, и синош дIатуьйсийла а ма дацара. Вахана, цхьа мор эрз а баьккхина, цIе а латийна, циггахь туп а тоьхна, буьйса йаккха сецира со. Iуьйрре цхьакIеззиг хIума кхалларх, кийра кхин рицкъа дахаза волу кIант а вара меца. Бер бер а хуьлий ма дуьсу диканехь а, вонехь а. Тхойшингахь цкъа кхалла а рицкъа дацара. Тхаьшшинна кхачанна ден экха йа олхазар карор дацара-те аьлла, дохнна гонаха хьийзаш берзалой хилахь, уьш а къахко дагахь, сайна тIера кетар кIантана а хьарчийна, тоьпаца эрзала велира со. Дуккха а волавелла леллачул тIаьхьа, экха карорах дог а диллина, йухавирзинчу суна, эрзана йуккъехула сайна дуьхьал цхьа экха гIерташ санна, хийтира. Борз йа нал хила там бу иза аьлла, эрзаш меттахьхьуьйчу хьажийна, топ йожийра ас. Топ йаьлча, цхьа экханан боцу мохь а, тIаьххье узарш а хезира суна. Уьш дIатийча, цецваьлла, эрзаш йукъаваханчу суна, шалха а вахана, мелчу цIийлахь Iуьллуш сайн кIентан кIант карийра…
– ОстогIфируллах! Дала собар а, собарца хьуьнар а лойла хьуна, Мусха! – мохь белира Iелин. – Дала кхоьллинчу адамана лан ма боккха бохам бу-кх хьоьга беанарг!
Ткъа Мусхин йакъайеллачу йуьхьа тIера, дуткъачу цIoцкъамашна кIелхьара гIайгIане ши бIаьрг, чохь са доцуш санна, дехьа басе а богIабелла, сецира. Хьанна хаьа, хIокху акхачу хьуьнхахь, холбатахь санна, ша хан токхуш волуш, цкъацкъа собар а кхачадой, Дела воцчунна ца хезаш, воьлхуш хила а тарлора иза. Амма Iелина хьалха бIаьрхиш ца довлуьйтура цо. Кийрара арагIерта къаьхьа бала, къурдаш деш, йуханехьа чутеIабора Мусхас.
– Цигахь ша висча кхеравелла хиллера а, хаацара, йа суна сагатделлера а, хаацара, мухха делахь а, со йухаван хьевелча, суна тIаьхьагIоьртина хиллера и миска. И буьйса набарза кIантана уллохь а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна, кIентан дакъа говра тIехь сайна хьалха а лаьцна, даьхни а лаьхкина, герггарчу йуьрта вахара со. КIант цигахь дIавоьллира ас. Оцу йуьртахь сайн даьхни сагIина дIa а декъна, цхьалха дегIаца кхуза хьалавеана, xIapa тоьла а йаьккхина, охьахиъна со. Гой хьуна, Iела, оццул дуьненна тIаьхьаваьлла къахьегча, суна бисина бахам xIapa бу-кх. ХIетахь, даьхни хьалха а лаьхкина, Терка тIе вогIуш, суна моьттура, кхидIа айса дуьненахь йаккха йисинчу хенахь, нехан санна йаа сискал а йолуш, сайн шина кIантах а, церан берех а воккхавеш, со вехар ву. ХIинца со гуш ву-кх хьуна. Дегара охьа оха цIийца, хьацарца гулдинарг а, церан дуьхьа ас къахьегна сан доьзалш а масех минотехь Терко дIахуьйди. Сибреха ткъе берхIитта шо а даьккхина, цIа веача, зуда маре йаханчу а кхаьчна, хьо цунах сингаттам хилла лелаш ву бохуш, хезна суна. Ахь ойла йича, хьо санна даккхий вонаш тIедаьхкина, собаре хилла Iаш дукха нах карор бу хьуна. ТIаккха хуур ду хьуна, хьайна тIедеанарг хIумма а доцург дуйла. ХIан, сайн дагна маслаIат лоьхуш, ас дукха бага йитти, хIинца дIагIо.
Баккъал а, Мусхина хиллачу бохамашка хьаьжча, Iелина хилларг хIyммa а доцург дара. Iелас-м шениг, чолхе а ца доккхуш, къонахчо санна, дIадерзийнера. Амма мел цо дуьхьало йарах, цкъацкъа шайтIано дог карзахдоккхура цуьнан. Зуда маре йахар доккха эхь ма ду. Цул-м Iелина валар гIоле ма йара…
***
ЗОРБАНЕРА МОГIаНАШ
Паччахьан заманахь Къилбаседа Кавказехь Iаламат чолхе политически хьал дара. Кхузахь, цхьана aгIop, шайн долахь шортта латта а долуш, Iедало йерриг бакъонаш а йелла, шайх «помещик-халкъ» ала мегар долуш, гIалагIазкхий бара. Вукху aгIop, латта а, цхьа а тайпа бакъонаш а йоцуш, ламанхой бара.
Кавказехь туземни бахархойн экономически хьелаш галдаха дуккха а болх бина вай, амма царна йукъахь дешар а, Iилма а даржорехь цхьа гIулч а ца йаьккхина.
Нохчийчоь къарйинчул тIаьхьа и акха нохчий дешарна а, Iилманна а, культурина а тIеберзо цхьа а тайпа xIyмa ца дина оьрсаша.
КАХАНОВСКИ СТАНИЦЕРЧУ
ГIАЛАГIАЗКХИЙН АЬРЗНАШ ТIеРА
1905 шо
1 апрель. Буьйсанна шен кха тIехь волу гIалагIазкхи Максимов Иван вийна. Зуламхойн лар Гуьмсан махка тIе йахана.
19 октябрь. Стерчийн ворданахь кха тIера цIа вогIу 85 шо хенара гIалагIазкхи Стрельцов Иван а, цуьнан йоьIан кIант Руднев Захар а вийна нохчаша. Цаьршиннан декъий, дага а дина, Iаьржа-хи чохь карийна, Цоци-Эвлан махка тIехь.
1 ноябрь. Говрашкахь веанчу итт нохчочо, Саенко Иванан жаIушна тIе а летта, 300 уьстагI бигна. Зуламхойн лар Iаьмар-Хьаьжин-Юьртан махка тIехь сецца.
18 декабрь. Ворданашкахь Соьлжа-ГIалара цIа вогIучу итт гIалагIазкхичунна тIелеттачу нохчийн гIерано Выпрецкий Егор, Демченко Фрол, жуьгти Дубиллер И. а вуьйш, уьш талийна. Лар Цоци-Эвла йахна.
18 декабрь. БоргIанехула Щедрински станице цIа вoгIy Стрельцов Михаил вийна. Зуламхочун лар БоргIанен махка тIехь сецца.